Даймохк

01.04.2021

Даймохк

БIаьстенан Iаламо хаздо шу, ламанаш,

Гуьйренан салоно токхдо шу, ламанаш,

Мокхазах суй санна, шух ваьлла волчунна

Там хилла, маьлхан де го суна ва тахна.

Йийначу кондарийн вовшашца кхелина,

Сирлачу шовданийн хьесашца ерина,

Сан дагна сел езна Даймехкан аренаш,

Шул мерза хIун хир ду яхь йолчу дагна!

Ва хьоме Даймохк!

Хьан сирлачу некъашкахь

Уьншарехь дуьйна хьайн хиллачу декхаршлахь,

Дуьненан некъ гойтуш, халкъийн ирс кхолларна

Са яла дан дезарг хьехахьа ва тхуна.

Дуьххьара дуьненна дIадаккха бода-дохкИрсан некъ гайтина, ва нана – тхан

Даймохк,Шен нана санна, хьо

Марзонца безна верг

Зен вовр вац – теша со –Декъала хуьлда хьо!